Skip to content
Text size 100%
Translation comparison

Compare Al-Furqan in Chechen

Compare up to three translations verse by verse.

بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ تَبَارَكَ ٱلَّذِى نَزَّلَ ٱلْفُرْقَانَ عَلَىٰ عَبْدِهِۦ لِيَكُونَ لِلْعَٰلَمِينَ نَذِيرًا ﴿1﴾

Магомедов

Беркате хили Ша къастор доссош хилларг Шен лега‚ и хилийтархьама Iаламашна кхерамча.

ٱلَّذِى لَهُۥ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَلَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًۭا وَلَمْ يَكُن لَّهُۥ شَرِيكٌۭ فِى ٱلْمُلْكِ وَخَلَقَ كُلَّ شَىْءٍۢ فَقَدَّرَهُۥ تَقْدِيرًۭا ﴿2﴾

Магомедов

Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шена дерг‚ Цо ца лаьцна доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь‚ Цо кхоьллина массо хIума‚ барам бина цунна /массо хIуманна/ барамца.

وَٱتَّخَذُوا۟ مِن دُونِهِۦٓ ءَالِهَةًۭ لَّا يَخْلُقُونَ شَيْـًۭٔا وَهُمْ يُخْلَقُونَ وَلَا يَمْلِكُونَ لِأَنفُسِهِمْ ضَرًّۭا وَلَا نَفْعًۭا وَلَا يَمْلِكُونَ مَوْتًۭا وَلَا حَيَوٰةًۭ وَلَا نُشُورًۭا ﴿3﴾

Магомедов

Цара лецира‚ Иза а витина‚ делий‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу /Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а.

وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِنْ هَٰذَآ إِلَّآ إِفْكٌ ٱفْتَرَىٰهُ وَأَعَانَهُۥ عَلَيْهِ قَوْمٌ ءَاخَرُونَ ۖ فَقَدْ جَآءُو ظُلْمًۭا وَزُورًۭا ﴿4﴾

Магомедов

Элира цатешачара: "ХIара /КъурIан/ харцдерг ду‚ ша цо /пайхамара/ кхоьллина долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а". Цара деана зулам а‚ харцдерг а.

وَقَالُوٓا۟ أَسَٰطِيرُ ٱلْأَوَّلِينَ ٱكْتَتَبَهَا فَهِىَ تُمْلَىٰ عَلَيْهِ بُكْرَةًۭ وَأَصِيلًۭا ﴿5﴾

Магомедов

Цара элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду. Цо /Мухьаммада/ яздайтина уьш‚ уьш цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а".

قُلْ أَنزَلَهُ ٱلَّذِى يَعْلَمُ ٱلسِّرَّ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ إِنَّهُۥ كَانَ غَفُورًۭا رَّحِيمًۭا ﴿6﴾

Магомедов

Ахьа ала: "Иза /КъурIан/ доссийна Шена стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш волчо. Баккъалла а, Иза хилла гечдеш верг а‚ къинхетам беш верг а".

وَقَالُوا۟ مَالِ هَٰذَا ٱلرَّسُولِ يَأْكُلُ ٱلطَّعَامَ وَيَمْشِى فِى ٱلْأَسْوَاقِ ۙ لَوْلَآ أُنزِلَ إِلَيْهِ مَلَكٌۭ فَيَكُونَ مَعَهُۥ نَذِيرًا ﴿7﴾

Магомедов

Цара элира: "ХIун ду хIокху элчанна? Даар доу цо‚ базаршкахула лела иза. Доьссина хиллехьарацуьнга малик – и хир дара цуьнца кхерамча.

أَوْ يُلْقَىٰٓ إِلَيْهِ كَنزٌ أَوْ تَكُونُ لَهُۥ جَنَّةٌۭ يَأْكُلُ مِنْهَا ۚ وَقَالَ ٱلظَّٰلِمُونَ إِن تَتَّبِعُونَ إِلَّا رَجُلًۭا مَّسْحُورًا ﴿8﴾

Магомедов

Я кхоьссинехьара цуьнга хазна‚ я хир яра цунна беш цо цу чуьра юуш". Элира зуламхоша: "Шу тIаьхьахIиттина ма ду шена бозбуанчалла динчу стагана".

ٱنظُرْ كَيْفَ ضَرَبُوا۟ لَكَ ٱلْأَمْثَٰلَ فَضَلُّوا۟ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ سَبِيلًۭا ﴿9﴾

Магомедов

Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш – тилабелла уьш‚ некъ ца карабо царна.

تَبَارَكَ ٱلَّذِىٓ إِن شَآءَ جَعَلَ لَكَ خَيْرًۭا مِّن ذَٰلِكَ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ وَيَجْعَل لَّكَ قُصُورًۢا ﴿10﴾

Магомедов

Декъала хили Иза‚ Шена лиъча хуьлуьйтур ю хьуна цул диканиг – бошмаш‚ шена бухахула татолаш лелаш йолу‚ Цо хуьлуьйтур ю хьуна гIаланаш.

بَلْ كَذَّبُوا۟ بِٱلسَّاعَةِ ۖ وَأَعْتَدْنَا لِمَن كَذَّبَ بِٱلسَّاعَةِ سَعِيرًا ﴿11﴾

Магомедов

ХIаъ‚ цара харцдина сахьт. Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цIе.

إِذَا رَأَتْهُم مِّن مَّكَانٍۭ بَعِيدٍۢ سَمِعُوا۟ لَهَا تَغَيُّظًۭا وَزَفِيرًۭا ﴿12﴾

Магомедов

Цунна /жоьжахатина цIарна/ уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан дералла а‚ угIар а.

وَإِذَآ أُلْقُوا۟ مِنْهَا مَكَانًۭا ضَيِّقًۭا مُّقَرَّنِينَ دَعَوْا۟ هُنَالِكَ ثُبُورًۭا ﴿13﴾

Магомедов

Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дIадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара кхойкхур дара хIаллакьхиларе /и атта хир дара царна/.

لَّا تَدْعُوا۟ ٱلْيَوْمَ ثُبُورًۭا وَٰحِدًۭا وَٱدْعُوا۟ ثُبُورًۭا كَثِيرًۭا ﴿14﴾

Магомедов

/Эр ду цаьрга/: "Аша ма кхайкха тахана цхьана хIаллакьхиларе‚ кхайкха дуккха а хIаллакьхиларшка!"

قُلْ أَذَٰلِكَ خَيْرٌ أَمْ جَنَّةُ ٱلْخُلْدِ ٱلَّتِى وُعِدَ ٱلْمُتَّقُونَ ۚ كَانَتْ لَهُمْ جَزَآءًۭ وَمَصِيرًۭا ﴿15﴾

Магомедов

Ахьа ала: "ХIара тоьлу‚ я гуттаренан беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю аьлларг? И хилира царна бекхам а‚ чугIойла - хIусам а".

لَّهُمْ فِيهَا مَا يَشَآءُونَ خَٰلِدِينَ ۚ كَانَ عَلَىٰ رَبِّكَ وَعْدًۭا مَّسْـُٔولًۭا ﴿16﴾

Магомедов

Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /уьш/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-кхобучун жоьпаллин ваIда.

وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ فَيَقُولُ ءَأَنتُمْ أَضْلَلْتُمْ عِبَادِى هَٰٓؤُلَآءِ أَمْ هُمْ ضَلُّوا۟ ٱلسَّبِيلَ ﴿17﴾

Магомедов

Ша уьш а‚ цара И воцчу шайна Iибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: "Аша тилийра хIара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?"

قَالُوا۟ سُبْحَٰنَكَ مَا كَانَ يَنۢبَغِى لَنَآ أَن نَّتَّخِذَ مِن دُونِكَ مِنْ أَوْلِيَآءَ وَلَٰكِن مَّتَّعْتَهُمْ وَءَابَآءَهُمْ حَتَّىٰ نَسُوا۟ ٱلذِّكْرَ وَكَانُوا۟ قَوْمًۢا بُورًۭا ﴿18﴾

Магомедов

Цара эр: "Вонах цIена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лаца‚ делахь а Ахьа зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚ уьш хилира хIаллакьхилла нах".

فَقَدْ كَذَّبُوكُم بِمَا تَقُولُونَ فَمَا تَسْتَطِيعُونَ صَرْفًۭا وَلَا نَصْرًۭا ۚ وَمَن يَظْلِم مِّنكُمْ نُذِقْهُ عَذَابًۭا كَبِيرًۭا ﴿19﴾

Магомедов

/Эр ду Дала/: "Цара шу харцдира аша дуьйцучуьнца‚ шуна ца могу духатоха а /шайх Iазап/‚ гIо хилийта а. Милла велахь а‚ шух зулам деш‚ – цуьнга Iовшуьйтур ду Оха доккха Iазап".

وَمَآ أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنَ ٱلْمُرْسَلِينَ إِلَّآ إِنَّهُمْ لَيَأْكُلُونَ ٱلطَّعَامَ وَيَمْشُونَ فِى ٱلْأَسْوَاقِ ۗ وَجَعَلْنَا بَعْضَكُمْ لِبَعْضٍۢ فِتْنَةً أَتَصْبِرُونَ ۗ وَكَانَ رَبُّكَ بَصِيرًۭا ﴿20﴾

Магомедов

Оха ца ваийтина хьоьл хьалха а элчанех цара кхача бууш‚ уьш базаршкахула лелаш хуьлуш бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана. Аша собар дой? Хилира хьан Кхиош-кхобург гуш верг.

۞ وَقَالَ ٱلَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَآءَنَا لَوْلَآ أُنزِلَ عَلَيْنَا ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ أَوْ نَرَىٰ رَبَّنَا ۗ لَقَدِ ٱسْتَكْبَرُوا۟ فِىٓ أَنفُسِهِمْ وَعَتَوْ عُتُوًّۭا كَبِيرًۭا ﴿21﴾

Магомедов

Элира Тхоьца цхьаьнакхетаре дог дохуш боцучара: "Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-кхобушверг". Уьш курабевлира шаьшлахь‚ дозанах бевлира уьш баларал а сов.

يَوْمَ يَرَوْنَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةَ لَا بُشْرَىٰ يَوْمَئِذٍۢ لِّلْمُجْرِمِينَ وَيَقُولُونَ حِجْرًۭا مَّحْجُورًۭا ﴿22﴾

Магомедов

Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара /маликаш/ эр ду: "ЧIогIа дуьхьало ю".

وَقَدِمْنَآ إِلَىٰ مَا عَمِلُوا۟ مِنْ عَمَلٍۢ فَجَعَلْنَٰهُ هَبَآءًۭ مَّنثُورًا ﴿23﴾

Магомедов

Тхо тIедаьхкира цара йинчу Iамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим (ца лерира Оха церан Iамалш).

أَصْحَٰبُ ٱلْجَنَّةِ يَوْمَئِذٍ خَيْرٌۭ مُّسْتَقَرًّۭا وَأَحْسَنُ مَقِيلًۭا ﴿24﴾

Магомедов

Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чIагIбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу /делкъахь/ садаIаран меттигца а.

وَيَوْمَ تَشَقَّقُ ٱلسَّمَآءُ بِٱلْغَمَٰمِ وَنُزِّلَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ تَنزِيلًا ﴿25﴾

Магомедов

Оцу дийнахь етIар ю стигал мархашца‚ охьадиссор ду маликаш /могIаршца/ охьадиссорца.

ٱلْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ ٱلْحَقُّ لِلرَّحْمَٰنِ ۚ وَكَانَ يَوْمًا عَلَى ٱلْكَٰفِرِينَ عَسِيرًۭا ﴿26﴾

Магомедов

Хьакъ-бакъ долу паччахьалла оцу дийнахь хир ду Къинхетам болчунна". И хир ду цатешачарна хала /де/.

وَيَوْمَ يَعَضُّ ٱلظَّالِمُ عَلَىٰ يَدَيْهِ يَقُولُ يَٰلَيْتَنِى ٱتَّخَذْتُ مَعَ ٱلرَّسُولِ سَبِيلًۭا ﴿27﴾

Магомедов

Оцу дийнахь зулам динчо цергаш юхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: "Ма дакъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара аса."

يَٰوَيْلَتَىٰ لَيْتَنِى لَمْ أَتَّخِذْ فُلَانًا خَلِيلًۭا ﴿28﴾

Магомедов

"Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара аса хьенех доттагIа.

لَّقَدْ أَضَلَّنِى عَنِ ٱلذِّكْرِ بَعْدَ إِذْ جَآءَنِى ۗ وَكَانَ ٱلشَّيْطَٰنُ لِلْإِنسَٰنِ خَذُولًۭا ﴿29﴾

Магомедов

Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тIаьхьа. ШайтIа хилира адамна ямартхо".

وَقَالَ ٱلرَّسُولُ يَٰرَبِّ إِنَّ قَوْمِى ٱتَّخَذُوا۟ هَٰذَا ٱلْقُرْءَانَ مَهْجُورًۭا ﴿30﴾

Магомедов

Эр ду элчано: "Сан Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хIара КъурIан дIатесна ма дити!"

وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِىٍّ عَدُوًّۭا مِّنَ ٱلْمُجْرِمِينَ ۗ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ هَادِيًۭا وَنَصِيرًۭا ﴿31﴾

Магомедов

Иштта хIора пайхамарна а Оха хилийтира мостагI къинош диначарех. Тоьур ду хьуна хьан Кхиош-кхобушверг хилча нисвеш верг а‚ гIоьнча а.

وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ ٱلْقُرْءَانُ جُمْلَةًۭ وَٰحِدَةًۭ ۚ كَذَٰلِكَ لِنُثَبِّتَ بِهِۦ فُؤَادَكَ ۖ وَرَتَّلْنَٰهُ تَرْتِيلًۭا ﴿32﴾

Магомедов

Элира цатешачара: "Доьссинехьара цуьнга /хIара/ КъурIан цхьана тептарца". Иштта /доссийна Оха и/ шеца хьан дог чIагIдархьама‚ Оха дийшира и тIеттIа".

وَلَا يَأْتُونَكَ بِمَثَلٍ إِلَّا جِئْنَٰكَ بِٱلْحَقِّ وَأَحْسَنَ تَفْسِيرًا ﴿33﴾

Магомедов

Хьоьга богIур бац уьш цхьана масалца Тхо хьоьга догIуш бен бакъдолчуьнца‚ вуно хазачу тидарца.

ٱلَّذِينَ يُحْشَرُونَ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ إِلَىٰ جَهَنَّمَ أُو۟لَٰٓئِكَ شَرٌّۭ مَّكَانًۭا وَأَضَلُّ سَبِيلًۭا ﴿34﴾

Магомедов

Шаьш гулбийр берш шайн яххьашкахь жоьжахатина тIе – уьш бу вонаш меттигаца‚ уггар тилабелларш некъаца.

وَلَقَدْ ءَاتَيْنَا مُوسَى ٱلْكِتَٰبَ وَجَعَلْنَا مَعَهُۥٓ أَخَاهُ هَٰرُونَ وَزِيرًۭا ﴿35﴾

Магомедов

Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазир хилийтира цуьнца цуьнан ваша ХIарун.

فَقُلْنَا ٱذْهَبَآ إِلَى ٱلْقَوْمِ ٱلَّذِينَ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا فَدَمَّرْنَٰهُمْ تَدْمِيرًۭا ﴿36﴾

Магомедов

Оха элира: "ДIагIо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу халкъана тIе". ТIаккха Оха уьш этира атарца.

وَقَوْمَ نُوحٍۢ لَّمَّا كَذَّبُوا۟ ٱلرُّسُلَ أَغْرَقْنَٰهُمْ وَجَعَلْنَٰهُمْ لِلنَّاسِ ءَايَةًۭ ۖ وَأَعْتَدْنَا لِلظَّٰلِمِينَ عَذَابًا أَلِيمًۭا ﴿37﴾

Магомедов

Нухьан халкъ а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш‚ Оха хилийтира царех нахана делил‚ Оха кечдира зуламхошна лазош долу Iазап.

وَعَادًۭا وَثَمُودَا۟ وَأَصْحَٰبَ ٱلرَّسِّ وَقُرُونًۢا بَيْنَ ذَٰلِكَ كَثِيرًۭا ﴿38﴾

Магомедов

Iадаш а‚ Самудаш а‚ Рассан дай а, цу юкъахь тIаьхьенаш дуккха а /хIаллакйира Оха/.

وَكُلًّۭا ضَرَبْنَا لَهُ ٱلْأَمْثَٰلَ ۖ وَكُلًّۭا تَبَّرْنَا تَتْبِيرًۭا ﴿39﴾

Магомедов

ХIоранна Оха далийра шен масалш‚ хIора а Оха хIаллаквира хIаллакварца.

وَلَقَدْ أَتَوْا۟ عَلَى ٱلْقَرْيَةِ ٱلَّتِىٓ أُمْطِرَتْ مَطَرَ ٱلسَّوْءِ ۚ أَفَلَمْ يَكُونُوا۟ يَرَوْنَهَا ۚ بَلْ كَانُوا۟ لَا يَرْجُونَ نُشُورًۭا ﴿40﴾

Магомедов

Уьш /Маккан керстанаш/ ма бахарий юьрта тIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира духадендаре дог ца дохуш.

وَإِذَا رَأَوْكَ إِن يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَٰذَا ٱلَّذِى بَعَثَ ٱللَّهُ رَسُولًا ﴿41﴾

Магомедов

Хьо шайна гича‚ хьоьх белар до цара: "ХIара ву Дала ваийтинарг элча вина?

إِن كَادَ لَيُضِلُّنَا عَنْ ءَالِهَتِنَا لَوْلَآ أَن صَبَرْنَا عَلَيْهَا ۚ وَسَوْفَ يَعْلَمُونَ حِينَ يَرَوْنَ ٱلْعَذَابَ مَنْ أَضَلُّ سَبِيلًا ﴿42﴾

Магомедов

Вай вайн делийх дIатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай церан тIехь собар ца дахь". ТIаьхьа хуур ду царна шайна Iазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца.

أَرَءَيْتَ مَنِ ٱتَّخَذَ إِلَٰهَهُۥ هَوَىٰهُ أَفَأَنتَ تَكُونُ عَلَيْهِ وَكِيلًا ﴿43﴾

Магомедов

Хьуна гиний и шен Делах шен дезар динарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тIехь векал?

أَمْ تَحْسَبُ أَنَّ أَكْثَرَهُمْ يَسْمَعُونَ أَوْ يَعْقِلُونَ ۚ إِنْ هُمْ إِلَّا كَٱلْأَنْعَٰمِ ۖ بَلْ هُمْ أَضَلُّ سَبِيلًا ﴿44﴾

Магомедов

Я хьуна моьтту царех дукханаш хозуш я ойла еш бу. Уьш-м бежнаш санна бен баций. ХIаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца.

أَلَمْ تَرَ إِلَىٰ رَبِّكَ كَيْفَ مَدَّ ٱلظِّلَّ وَلَوْ شَآءَ لَجَعَلَهُۥ سَاكِنًۭا ثُمَّ جَعَلْنَا ٱلشَّمْسَ عَلَيْهِ دَلِيلًۭا ﴿45﴾

Магомедов

Хьо ца хьоьжу хьан Кхиош-кхобучунга‚ муха даржина Цо IиндагIа? Шена лиънехьара‚ Цо и хуьлийтара дара /паргIат/ сецца. ТIаккха Оха малх хилийтира цуьнан тIехь делил.

ثُمَّ قَبَضْنَٰهُ إِلَيْنَا قَبْضًۭا يَسِيرًۭا ﴿46﴾

Магомедов

ТIаккха Оха Тхайна тIе озадира и /IиндагI/ и дайа озадарца (кIез-кIеззиг доккхуш дIа даьккхира Оха и IиндагIа, тIаккха кIез-кIеззиг духа хуьлуьйту).

وَهُوَ ٱلَّذِى جَعَلَ لَكُمُ ٱلَّيْلَ لِبَاسًۭا وَٱلنَّوْمَ سُبَاتًۭا وَجَعَلَ ٱلنَّهَارَ نُشُورًۭا ﴿47﴾

Магомедов

Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйсанах духар‚ набарах – синтем‚ Цо хилийтина дийнах духадендалар.

وَهُوَ ٱلَّذِىٓ أَرْسَلَ ٱلرِّيَٰحَ بُشْرًۢا بَيْنَ يَدَىْ رَحْمَتِهِۦ ۚ وَأَنزَلْنَا مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ طَهُورًۭا ﴿48﴾

Магомедов

Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамал хьалха‚ Оха охьадоссира стиглара цIена хи.

لِّنُحْۦِىَ بِهِۦ بَلْدَةًۭ مَّيْتًۭا وَنُسْقِيَهُۥ مِمَّا خَلَقْنَآ أَنْعَٰمًۭا وَأَنَاسِىَّ كَثِيرًۭا ﴿49﴾

Магомедов

Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух бежнашна а‚ дуккха нахана а.

وَلَقَدْ صَرَّفْنَٰهُ بَيْنَهُمْ لِيَذَّكَّرُوا۟ فَأَبَىٰٓ أَكْثَرُ ٱلنَّاسِ إِلَّا كُفُورًۭا ﴿50﴾

Магомедов

И /хи/ даржира Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниIмат/. Дуккха нах дуьхьал хилира /массо дикачу хIуманна/ керстаналла доцучунна.

وَلَوْ شِئْنَا لَبَعَثْنَا فِى كُلِّ قَرْيَةٍۢ نَّذِيرًۭا ﴿51﴾

Магомедов

Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хIора юртахь кхерамча.

فَلَا تُطِعِ ٱلْكَٰفِرِينَ وَجَٰهِدْهُم بِهِۦ جِهَادًۭا كَبِيرًۭا ﴿52﴾

Магомедов

Хьо муьтIахь ма хилалахь цатешачаьрна‚ къовса царца цуьнца /КъурIанца/ доккха къовсарца.

۞ وَهُوَ ٱلَّذِى مَرَجَ ٱلْبَحْرَيْنِ هَٰذَا عَذْبٌۭ فُرَاتٌۭ وَهَٰذَا مِلْحٌ أُجَاجٌۭ وَجَعَلَ بَيْنَهُمَا بَرْزَخًۭا وَحِجْرًۭا مَّحْجُورًۭا ﴿53﴾

Магомедов

Иза ву ши хIоьрд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агIо хецна йитинарг/: хIара – теза-мерза‚ хIара – дуьра-чемаза‚ Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /йоккха/ парду а‚ чIогIа дуьхьало а /вовшех ца эва уьш/.

وَهُوَ ٱلَّذِى خَلَقَ مِنَ ٱلْمَآءِ بَشَرًۭا فَجَعَلَهُۥ نَسَبًۭا وَصِهْرًۭا ۗ وَكَانَ رَبُّكَ قَدِيرًۭا ﴿54﴾

Магомедов

Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цуна хилийтина шен схьавалар а‚ зударийн агIорхьара /захаллин/ гергарло а. Хилира хьан Кхиош-кхобург ницIкъ кхочуш.

وَيَعْبُدُونَ مِن دُونِ ٱللَّهِ مَا لَا يَنفَعُهُمْ وَلَا يَضُرُّهُمْ ۗ وَكَانَ ٱلْكَافِرُ عَلَىٰ رَبِّهِۦ ظَهِيرًۭا ﴿55﴾

Магомедов

Цара Iибадат до Дела вуьтий шайна пайда а‚ зен а ца дечуьнна. Хили цатешарг шен Кхиош-кхобучун дуьхьал гIоьнча.

وَمَآ أَرْسَلْنَٰكَ إِلَّا مُبَشِّرًۭا وَنَذِيرًۭا ﴿56﴾

Магомедов

Хьо ца ваийтина Оха кхаъ бийриг а‚ кхерам тосург а хилла бен.

قُلْ مَآ أَسْـَٔلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ إِلَّا مَن شَآءَ أَن يَتَّخِذَ إِلَىٰ رَبِّهِۦ سَبِيلًۭا ﴿57﴾

Магомедов

Ахьа ала: "Аса шуьга ца боьху цуна цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-кхобучун некъ лацар бен".

وَتَوَكَّلْ عَلَى ٱلْحَىِّ ٱلَّذِى لَا يَمُوتُ وَسَبِّحْ بِحَمْدِهِۦ ۚ وَكَفَىٰ بِهِۦ بِذُنُوبِ عِبَادِهِۦ خَبِيرًا ﴿58﴾

Магомедов

Хьо тIетовжа ша дийнаволчунна /Далла/‚ лийриг воцчу‚ тасбахь де Иза хасторца. Кхачо ю Цуьнца Шен лайн къинош сов довзарца.

ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ ۚ ٱلرَّحْمَٰنُ فَسْـَٔلْ بِهِۦ خَبِيرًۭا ﴿59﴾

Магомедов

Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелла Иза Iаршана тIе. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта цуьнах хуушволчуьнга.

وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ ٱسْجُدُوا۟ لِلرَّحْمَٰنِ قَالُوا۟ وَمَا ٱلرَّحْمَٰنُ أَنَسْجُدُ لِمَا تَأْمُرُنَا وَزَادَهُمْ نُفُورًۭا ۩ ﴿60﴾

Магомедов

Шайга элча: "Сужд де Къинхетаме волчунна"‚ цара элира: "ХIун ду и Къинхетаме верг? ТIкъа оха сужд до ахьа тхуна омра дечунна". Цо совбехира уьш /Делан новкъах/ дог даларца.

تَبَارَكَ ٱلَّذِى جَعَلَ فِى ٱلسَّمَآءِ بُرُوجًۭا وَجَعَلَ فِيهَا سِرَٰجًۭا وَقَمَرًۭا مُّنِيرًۭا ﴿61﴾

Магомедов

Беркате ву Ша стиглахь седарчийн тоба йинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а‚ нуре болу бутт а.

وَهُوَ ٱلَّذِى جَعَلَ ٱلَّيْلَ وَٱلنَّهَارَ خِلْفَةًۭ لِّمَنْ أَرَادَ أَن يَذَّكَّرَ أَوْ أَرَادَ شُكُورًۭا ﴿62﴾

Магомедов

Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла ала.

وَعِبَادُ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى ٱلْأَرْضِ هَوْنًۭا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ ٱلْجَٰهِلُونَ قَالُوا۟ سَلَٰمًۭا ﴿63﴾

Магомедов

Къинхетаме волчун леш бу – шаьш лаьттахь лелашберш муьтIахь хилла шайга жехIал нах бистхилча‚ олуш берш: "Салам! "

وَٱلَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًۭا وَقِيَٰمًۭا ﴿64﴾

Магомедов

Буьсанаш йохуш берш а шайн Кхиош-кхобучун сужд деш а‚ ира хIоьттина лаьтташ а.

وَٱلَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا ٱصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ ۖ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا ﴿65﴾

Магомедов

Олуш берш: "Тхан Кхиош-кхобург! ДIадаккхалахь тхоьх жоьжахатин Iазап. Баккъалла а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (царех ца къаьсташ).

إِنَّهَا سَآءَتْ مُسْتَقَرًّۭا وَمُقَامًۭا ﴿66﴾

Магомедов

Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а".

وَٱلَّذِينَ إِذَآ أَنفَقُوا۟ لَمْ يُسْرِفُوا۟ وَلَمْ يَقْتُرُوا۟ وَكَانَ بَيْنَ ذَٰلِكَ قَوَامًۭا ﴿67﴾

Магомедов

ШIаьш сагIина луш кхоам а беш берш‚ пис ца хуьлуш берш‚ цу юккъехь хIоьттина лаьттарш /бу Цу Делан дика леш/.

وَٱلَّذِينَ لَا يَدْعُونَ مَعَ ٱللَّهِ إِلَٰهًا ءَاخَرَ وَلَا يَقْتُلُونَ ٱلنَّفْسَ ٱلَّتِى حَرَّمَ ٱللَّهُ إِلَّا بِٱلْحَقِّ وَلَا يَزْنُونَ ۚ وَمَن يَفْعَلْ ذَٰلِكَ يَلْقَ أَثَامًۭا ﴿68﴾

Магомедов

Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш‚ ца дойу са Дала ша /ден/ хьарам дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен‚ зина ца до. И деш верг къица дуьхьал кхетар ву.

يُضَٰعَفْ لَهُ ٱلْعَذَابُ يَوْمَ ٱلْقِيَٰمَةِ وَيَخْلُدْ فِيهِۦ مُهَانًا ﴿69﴾

Магомедов

Шозза алсам доккхур ду цуна Iазап къемат дийнахь‚ гуттар лаьттар ву иза цу чохь сийсаза хилла.

إِلَّا مَن تَابَ وَءَامَنَ وَعَمِلَ عَمَلًۭا صَٰلِحًۭا فَأُو۟لَٰٓئِكَ يُبَدِّلُ ٱللَّهُ سَيِّـَٔاتِهِمْ حَسَنَٰتٍۢ ۗ وَكَانَ ٱللَّهُ غَفُورًۭا رَّحِيمًۭا ﴿70﴾

Магомедов

Ша тоба дийнариг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург – уьш бу Дала шайн вонаш диканашца хийцор дерш. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме а верг.

وَمَن تَابَ وَعَمِلَ صَٰلِحًۭا فَإِنَّهُۥ يَتُوبُ إِلَى ٱللَّهِ مَتَابًۭا ﴿71﴾

Магомедов

Тоба а‚ дика Iамал йинарг – баккъалла а, цо тоба до Деле /къиношна/ дохко валарца.

وَٱلَّذِينَ لَا يَشْهَدُونَ ٱلزُّورَ وَإِذَا مَرُّوا۟ بِٱللَّغْوِ مَرُّوا۟ كِرَامًۭا ﴿72﴾

Магомедов

Харц тешалла ца деш берш‚ шаьш дессачу хабарна уллохула боьдуш – оьзда чекхболу берш.

وَٱلَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا۟ بِـَٔايَٰتِ رَبِّهِمْ لَمْ يَخِرُّوا۟ عَلَيْهَا صُمًّۭا وَعُمْيَانًۭا ﴿73﴾

Магомедов

Шайн Кхиош-кхобучун аяташ шайна тIехь хьехийча – царна бертал ца бегаш берш къора хилла а‚ бIаьрса доцуш хилла.

وَٱلَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا هَبْ لَنَا مِنْ أَزْوَٰجِنَا وَذُرِّيَّٰتِنَا قُرَّةَ أَعْيُنٍۢ وَٱجْعَلْنَا لِلْمُتَّقِينَ إِمَامًا ﴿74﴾

Магомедов

Олуш берш: "Тхан Кхиош-кхобург‚ лолахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бIаьрг бекхабалар‚ тхо хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш Тхуна тIаьхьахIуттуш)".

أُو۟لَٰٓئِكَ يُجْزَوْنَ ٱلْغُرْفَةَ بِمَا صَبَرُوا۟ وَيُلَقَّوْنَ فِيهَا تَحِيَّةًۭ وَسَلَٰمًا ﴿75﴾

Магомедов

Царна ялана лур ю /ялсаманин/ хIусам цара /иманца/ собар дарна‚ цигахь царна дуьхьал догIур ду /маликаш/ маршаллица а‚ саламца а.

خَٰلِدِينَ فِيهَا ۚ حَسُنَتْ مُسْتَقَرًّۭا وَمُقَامًۭا ﴿76﴾

Магомедов

Гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. Хаза хилла латтарца а /чIагIбелла/‚ меттигца а /садаIа/.

قُلْ مَا يَعْبَؤُا۟ بِكُمْ رَبِّى لَوْلَا دُعَآؤُكُمْ ۖ فَقَدْ كَذَّبْتُمْ فَسَوْفَ يَكُونُ لِزَامًۢا ﴿77﴾

Магомедов

Ахьа ала: "Шуьца бала хир бацара сан Кхиош-кхобучун‚ шун кхайкхар ца хиллехьара. Аша харцдина /Цуьнан дин/ – тIаьхьа хир ду шуна иза хилаза ца долуш дерг".

Quran recitationReady
Open audio