Skip to content
Text size 100%
Translation comparison

Compare Ar-Rum in Chechen

Compare up to three translations verse by verse.

بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ الٓمٓ ﴿1﴾

Магомедов

Алиф-лам-мим.

غُلِبَتِ ٱلرُّومُ ﴿2﴾

Магомедов

Эшинера румой /парисаша/.

فِىٓ أَدْنَى ٱلْأَرْضِ وَهُم مِّنۢ بَعْدِ غَلَبِهِمْ سَيَغْلِبُونَ ﴿3﴾

Магомедов

Лаьттан мелхо /шайн махкана/ гергахь‚ уьш шайн эшарал тIаьхьа тоьлар болуш бу.

فِى بِضْعِ سِنِينَ ۗ لِلَّهِ ٱلْأَمْرُ مِن قَبْلُ وَمِنۢ بَعْدُ ۚ وَيَوْمَئِذٍۢ يَفْرَحُ ٱلْمُؤْمِنُونَ ﴿4﴾

Магомедов

Цхьа масийтта шерахь. Делан ду гIуллакх хьалха а‚ тIаьхьа а. Оцу дийнахь хазахетар ду муъма нахана.

بِنَصْرِ ٱللَّهِ ۚ يَنصُرُ مَن يَشَآءُ ۖ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلرَّحِيمُ ﴿5﴾

Магомедов

Делан гIоьнца. Цо гIо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верга а ву.

وَعْدَ ٱللَّهِ ۖ لَا يُخْلِفُ ٱللَّهُ وَعْدَهُۥ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ ﴿6﴾

Магомедов

Делан ваIда ю. Дала йоха ца йо Шен ваIда‚ делахь а нахах дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.

يَعْلَمُونَ ظَٰهِرًۭا مِّنَ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَهُمْ عَنِ ٱلْءَاخِرَةِ هُمْ غَٰفِلُونَ ﴿7﴾

Магомедов

Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гIапал бу.

أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا۟ فِىٓ أَنفُسِهِم ۗ مَّا خَلَقَ ٱللَّهُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَآ إِلَّا بِٱلْحَقِّ وَأَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۗ وَإِنَّ كَثِيرًۭا مِّنَ ٱلنَّاسِ بِلِقَآئِ رَبِّهِمْ لَكَٰفِرُونَ ﴿8﴾

Магомедов

Цара ойла ца йо-те шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел ерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна ханна а бен. Баккъалла а, нахах дукхах берш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарна керстаналла деш бу-кх.

أَوَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوٓا۟ أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةًۭ وَأَثَارُوا۟ ٱلْأَرْضَ وَعَمَرُوهَآ أَكْثَرَ مِمَّا عَمَرُوهَا وَجَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ ۖ فَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِن كَانُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ ﴿9﴾

Магомедов

Уьш лелаш бац лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье? Уьш царел мелхо чIогIа ма бара ницIкъаца‚ цара асар ма дитина лаьттахь‚ беха ма баьхна цу тIехь уьш баьхначул мелхо дукха‚ цаьрга ма баьхкира шайн элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а уьш шаьш хилира /шайна/ зулам деш.

ثُمَّ كَانَ عَٰقِبَةَ ٱلَّذِينَ أَسَٰٓـُٔوا۟ ٱلسُّوٓأَىٰٓ أَن كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ وَكَانُوا۟ بِهَا يَسْتَهْزِءُونَ ﴿10﴾

Магомедов

ТIаккха вон диначаьрийн тIаьхье ирчаниг хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ уьш царех ца бешаш хиларна.

ٱللَّهُ يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ ﴿11﴾

Магомедов

Дала доладо кхоллар‚ тIаккха Цо иза карладоккха‚ тIаккха шу Цуна тIе духадерзор а ду.

وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ يُبْلِسُ ٱلْمُجْرِمُونَ ﴿12﴾

Магомедов

Сахьт хIоьттинчу дийнахь совцурбу къиношдинарш догдиллина /шайна къийса хIума доцуш/.

وَلَمْ يَكُن لَّهُم مِّن شُرَكَآئِهِمْ شُفَعَٰٓؤُا۟ وَكَانُوا۟ بِشُرَكَآئِهِمْ كَٰفِرِينَ ﴿13﴾

Магомедов

Ца хилира царна шайн накъостех шапаIат деш берш‚ уьш хилира шайн накъосташна керстаналла деш берш.

وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ يَوْمَئِذٍۢ يَتَفَرَّقُونَ ﴿14﴾

Магомедов

Сахьт хIоьттинчу дийнахь - оцу дийнахь уьш бекъалур бу.

فَأَمَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ فَهُمْ فِى رَوْضَةٍۢ يُحْبَرُونَ ﴿15﴾

Магомедов

Иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш - уьш бошмашкахь хазахеташ хир бу.

وَأَمَّا ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَكَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَا وَلِقَآئِ ٱلْءَاخِرَةِ فَأُو۟لَٰٓئِكَ فِى ٱلْعَذَابِ مُحْضَرُونَ ﴿16﴾

Магомедов

Ца тешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартаца а цхьанакхетар а харцдинарш а - уьш Iазапна чубоьхкина хир бу.

فَسُبْحَٰنَ ٱللَّهِ حِينَ تُمْسُونَ وَحِينَ تُصْبِحُونَ ﴿17﴾

Магомедов

Тасбахь де Далла (ламаз де Цунна) шу суьренга даьлча а‚ шу Iуьйрана гIевтича а,

وَلَهُ ٱلْحَمْدُ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَعَشِيًّۭا وَحِينَ تُظْهِرُونَ ﴿18﴾

Магомедов

Цуна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ малхбузехь а‚ аша делкъаюкъ хилийтинчу хенахь а /де ламазаш/.

يُخْرِجُ ٱلْحَىَّ مِنَ ٱلْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ ٱلْمَيِّتَ مِنَ ٱلْحَىِّ وَيُحْىِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ وَكَذَٰلِكَ تُخْرَجُونَ ﴿19﴾

Магомедов

Цо схьавоккху дийнаверг веллачух‚ велларг а схьавоккху дийначух‚ дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Иштта шу а схьадохур ду /кешнашкара къематдийнахь/.

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَنْ خَلَقَكُم مِّن تُرَابٍۢ ثُمَّ إِذَآ أَنتُم بَشَرٌۭ تَنتَشِرُونَ ﴿20﴾

Магомедов

Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тIаккха шу адамаш хилла даьржаш.

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَنْ خَلَقَ لَكُم مِّنْ أَنفُسِكُمْ أَزْوَٰجًۭا لِّتَسْكُنُوٓا۟ إِلَيْهَا وَجَعَلَ بَيْنَكُم مَّوَدَّةًۭ وَرَحْمَةً ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَتَفَكَّرُونَ ﴿21﴾

Магомедов

Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу царца /паргIат/ даха‚ Цо хилийтина шуна юкъахь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх ойлаечу нахана.

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦ خَلْقُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ وَٱخْتِلَٰفُ أَلْسِنَتِكُمْ وَأَلْوَٰنِكُمْ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّلْعَٰلِمِينَ ﴿22﴾

Магомедов

Цуьнан делилех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а хийцадалар. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду Iаламашна.

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦ مَنَامُكُم بِٱلَّيْلِ وَٱلنَّهَارِ وَٱبْتِغَآؤُكُم مِّن فَضْلِهِۦٓ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَسْمَعُونَ ﴿23﴾

Магомедов

Цуьнан делилех ю шун наб буьйсана а‚ дийнахь а‚ Цуьнан къинхетамах аша /бахам/ лахар а. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ладугIучу нахана.

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦ يُرِيكُمُ ٱلْبَرْقَ خَوْفًۭا وَطَمَعًۭا وَيُنَزِّلُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَيُحْىِۦ بِهِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَآ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يَعْقِلُونَ ﴿24﴾

Магомедов

Цуьнан делилех ду Цо шуьга тIкъес гайтар кхерамца а‚ /догIа даре/ догдахарца а‚ Цо доссадо стиглара хи‚ цуьнца дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду хьекъалечу нахана.

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَن تَقُومَ ٱلسَّمَآءُ وَٱلْأَرْضُ بِأَمْرِهِۦ ۚ ثُمَّ إِذَا دَعَاكُمْ دَعْوَةًۭ مِّنَ ٱلْأَرْضِ إِذَآ أَنتُمْ تَخْرُجُونَ ﴿25﴾

Магомедов

Цуьнан делилех ду стигал а‚ латта а‚ хIоьттина Iар Цуьнан омраца. ТIаьхьа Цо шуьга кхийкхача латтара кхайкхарца шу /кешний чуьра/ арадовлур ду /къематдийнахь/.

وَلَهُۥ مَن فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ كُلٌّۭ لَّهُۥ قَٰنِتُونَ ﴿26﴾

Магомедов

Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Массо а Цунна муьтIахь а бу.

وَهُوَ ٱلَّذِى يَبْدَؤُا۟ ٱلْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُۥ وَهُوَ أَهْوَنُ عَلَيْهِ ۚ وَلَهُ ٱلْمَثَلُ ٱلْأَعْلَىٰ فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ ﴿27﴾

Магомедов

Иза ву /хIума/ кхоллар долошверг - тIаккха Цо иза карладоккху. Иза Цуна вуно атта ду. Цуьнан вуно лакха мисал ду стигланашкахь а‚ латтахь а. Иза - веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

ضَرَبَ لَكُم مَّثَلًۭا مِّنْ أَنفُسِكُمْ ۖ هَل لَّكُم مِّن مَّا مَلَكَتْ أَيْمَٰنُكُم مِّن شُرَكَآءَ فِى مَا رَزَقْنَٰكُمْ فَأَنتُمْ فِيهِ سَوَآءٌۭ تَخَافُونَهُمْ كَخِيفَتِكُمْ أَنفُسَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ ٱلْءَايَٰتِ لِقَوْمٍۢ يَعْقِلُونَ ﴿28﴾

Магомедов

Цо шуна мисал далийна шух шайх: шуна бу-й шун аьтто куьйгаша доладиначарех накъостий Оха шуна деллачу рицIкъех шу цу чохь цхьанисса а долуш‚ шу царех кхоьруш /царна вон хIума хиларна/ шайх кхераре терра? Иштта къастадо Оха аяташ хьекъалечу нахана.

بَلِ ٱتَّبَعَ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوٓا۟ أَهْوَآءَهُم بِغَيْرِ عِلْمٍۢ ۖ فَمَن يَهْدِى مَنْ أَضَلَّ ٱللَّهُ ۖ وَمَا لَهُم مِّن نَّٰصِرِينَ ﴿29﴾

Магомедов

ХIаъ‚ зулам динарш тIаьхьахIоьттира шайн дезаршна цхьа а Iилма доцуш. Хьан нисвийр ву-те Дала тилавала витийнарг? Ма бац царна цхьа а гIоьнчий!

فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ حَنِيفًۭا ۚ فِطْرَتَ ٱللَّهِ ٱلَّتِى فَطَرَ ٱلنَّاسَ عَلَيْهَا ۚ لَا تَبْدِيلَ لِخَلْقِ ٱللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ ٱلدِّينُ ٱلْقَيِّمُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ ٱلنَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ ﴿30﴾

Магомедов

Ахьа хIоттае хьан юьхь динан тIе цIена дин дерг а хилий. Делан кхоллар ду иза Цо Шена тIехь нах а кхоьллина долу. Хийцам бац Делан кхолларан‚ Иза мехала дин ду‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.

۞ مُنِيبِينَ إِلَيْهِ وَٱتَّقُوهُ وَأَقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَلَا تَكُونُوا۟ مِنَ ٱلْمُشْرِكِينَ ﴿31﴾

Магомедов

Цуна тIедоьрзуш /хилалаш тоба дарца/‚ Цунах кхералаш‚ ламаз хIоттаделаш‚ шу ма хилалаш мушрикунех.

مِنَ ٱلَّذِينَ فَرَّقُوا۟ دِينَهُمْ وَكَانُوا۟ شِيَعًۭا ۖ كُلُّ حِزْبٍۭ بِمَا لَدَيْهِمْ فَرِحُونَ ﴿32﴾

Магомедов

Шайн дин декъна тобанаш хиллачарех а. Массо с тоба шегахь долчух яккхиедаш ю.

وَإِذَا مَسَّ ٱلنَّاسَ ضُرٌّۭ دَعَوْا۟ رَبَّهُم مُّنِيبِينَ إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَآ أَذَاقَهُم مِّنْهُ رَحْمَةً إِذَا فَرِيقٌۭ مِّنْهُم بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ ﴿33﴾

Магомедов

Нах цхьана зено схьаьлаьцча цара шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху‚ Цуьнан тIебуьрзий‚ тIаккха Цо цаьрга Шегара къинхетам Iавшитича - царех цхьана декъо шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу

لِيَكْفُرُوا۟ بِمَآ ءَاتَيْنَٰهُمْ ۚ فَتَمَتَّعُوا۟ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ ﴿34﴾

Магомедов

Оха шайна делларг керста дархьама. Зовкх хьега! ТIаьхьа хуур ду шуна.

أَمْ أَنزَلْنَا عَلَيْهِمْ سُلْطَٰنًۭا فَهُوَ يَتَكَلَّمُ بِمَا كَانُوا۟ بِهِۦ يُشْرِكُونَ ﴿35﴾

Магомедов

Оха цаьрга тешалла доссина‚ ткъа цо дуьйцуш цара шех накъост лоцуш хиллачух?

وَإِذَآ أَذَقْنَا ٱلنَّاسَ رَحْمَةًۭ فَرِحُوا۟ بِهَا ۖ وَإِن تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌۢ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ إِذَا هُمْ يَقْنَطُونَ ﴿36﴾

Магомедов

Оха нахе къинхетам Iавшитича‚ уьш цунах баккхийбеда. Ткъа царех вониг кхиъча шайн куьйгаша хьалхадаьккхинчуьнца - цара дог дуьллу /Делан къинхетамах/.

أَوَلَمْ يَرَوْا۟ أَنَّ ٱللَّهَ يَبْسُطُ ٱلرِّزْقَ لِمَن يَشَآءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّقَوْمٍۢ يُؤْمِنُونَ ﴿37﴾

Магомедов

Царна ца го-те Дала рицIкъ даржадо Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къамана.

فَـَٔاتِ ذَا ٱلْقُرْبَىٰ حَقَّهُۥ وَٱلْمِسْكِينَ وَٱبْنَ ٱلسَّبِيلِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌۭ لِّلَّذِينَ يُرِيدُونَ وَجْهَ ٱللَّهِ ۖ وَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُفْلِحُونَ ﴿38﴾

Магомедов

ДIало гергарчунна шен хьакъ‚ мискачунна а‚ некъахь волчунна а /шен хьакъ/. Иза - дика ду Делан юьхь езачаьрна. Уьш бу баккхибедар берш.

وَمَآ ءَاتَيْتُم مِّن رِّبًۭا لِّيَرْبُوَا۟ فِىٓ أَمْوَٰلِ ٱلنَّاسِ فَلَا يَرْبُوا۟ عِندَ ٱللَّهِ ۖ وَمَآ ءَاتَيْتُم مِّن زَكَوٰةٍۢ تُرِيدُونَ وَجْهَ ٱللَّهِ فَأُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُضْعِفُونَ ﴿39﴾

Магомедов

Аша делла долу риба нехан бахамехь кхиархьама - ца кхиа Далла гергахь. Аша делла долу закат Делан юьхь езаш /алссам кхиа Далла гергахь/ - уьш бу алссам ял хилларш.

ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَكُمْ ثُمَّ رَزَقَكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ۖ هَلْ مِن شُرَكَآئِكُم مَّن يَفْعَلُ مِن ذَٰلِكُم مِّن شَىْءٍۢ ۚ سُبْحَٰنَهُۥ وَتَعَٰلَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ ﴿40﴾

Магомедов

Дела ву шу кхоьллинарг‚ тIаккха шуна рицIкъ делларг - тIаккха шу долуьйтушверг‚ тIаккха шу дендолуьйтуш верг. Шун накъостех ву-й ша цунах хIума деш верг? Вонах цIена ву Иза‚ лакха вели цара накъост лацарх.

ظَهَرَ ٱلْفَسَادُ فِى ٱلْبَرِّ وَٱلْبَحْرِ بِمَا كَسَبَتْ أَيْدِى ٱلنَّاسِ لِيُذِيقَهُم بَعْضَ ٱلَّذِى عَمِلُوا۟ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ ﴿41﴾

Магомедов

Боьханиг гучадели аренгахь а‚ хIоьрдан чохь а нехан куьйгаша гулдинчуьнца‚ /Дала/ шаьш динчух цхьадерг Iовшийта мега /цаьрга/. Уьш бухабоьрзур бац-те /вониг дечух Далла тIе/?

قُلْ سِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَٱنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلُ ۚ كَانَ أَكْثَرُهُم مُّشْرِكِينَ ﴿42﴾

Магомедов

Ахьа ала: "Шу лела лаьттахула‚ хьовсал‚ муха хилла шул хьалха хиллачаьрийн тIаьхье. Царех дукхох берш /Делаца/ накъост лоцурш ма хилла.

فَأَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ ٱلْقَيِّمِ مِن قَبْلِ أَن يَأْتِىَ يَوْمٌۭ لَّا مَرَدَّ لَهُۥ مِنَ ٱللَّهِ ۖ يَوْمَئِذٍۢ يَصَّدَّعُونَ ﴿43﴾

Магомедов

Ахьа хIоттае хьан юьхь мехалчу дине шена Делера духатохар доцу /къемат/ де дале хьалха. Оцу дийнахь уьш бекъалур бу.

مَن كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُۥ ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَٰلِحًۭا فَلِأَنفُسِهِمْ يَمْهَدُونَ ﴿44﴾

Магомедов

/Дин/ керста динарг - цуна шена ду шен керстаналла. Дика Iамал йинарг - цара шаьш шайна /ялсаманехь хIусамаш/ кечйо‚

لِيَجْزِىَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ مِن فَضْلِهِۦٓ ۚ إِنَّهُۥ لَا يُحِبُّ ٱلْكَٰفِرِينَ ﴿45﴾

Магомедов

Иман диллинчаьра а‚ дика Iамалш йиначаьра а Цуьнан къинхетамах ял эцархьама. Баккъалла а, Цуна ца беза /Делах/ цатешарш.

وَمِنْ ءَايَٰتِهِۦٓ أَن يُرْسِلَ ٱلرِّيَاحَ مُبَشِّرَٰتٍۢ وَلِيُذِيقَكُم مِّن رَّحْمَتِهِۦ وَلِتَجْرِىَ ٱلْفُلْكُ بِأَمْرِهِۦ وَلِتَبْتَغُوا۟ مِن فَضْلِهِۦ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ ﴿46﴾

Магомедов

Цуьнан аятех ду Цо мехаш даийтар кхаьънаш хилла шуьга Iовшийтархьама Шен къинхетамах‚ кема лелийтархьама Шен омраца‚ шуьга лахийтархьама Цуьнан дозаллах‚ аша баркалла эр дацара-те.

وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ رُسُلًا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ فَجَآءُوهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَٱنتَقَمْنَا مِنَ ٱلَّذِينَ أَجْرَمُوا۟ ۖ وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ ٱلْمُؤْمِنِينَ ﴿47﴾

Магомедов

Оха баийтира хьоьл хьалха а элчанаш шайн къамана тIе‚ уьш беара цаьрга билгалонашца‚ Оха чIир ийцира къинош диначаьргара. Тхуна тIехь хьакъ хилла муъма нахана гIо дар.

ٱللَّهُ ٱلَّذِى يُرْسِلُ ٱلرِّيَٰحَ فَتُثِيرُ سَحَابًۭا فَيَبْسُطُهُۥ فِى ٱلسَّمَآءِ كَيْفَ يَشَآءُ وَيَجْعَلُهُۥ كِسَفًۭا فَتَرَى ٱلْوَدْقَ يَخْرُجُ مِنْ خِلَٰلِهِۦ ۖ فَإِذَآ أَصَابَ بِهِۦ مَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦٓ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ ﴿48﴾

Магомедов

Дела ву Ша мехаш доуьйтург‚ цо хьейо марха‚ Цо иза яржайо стиглахь Шена ма луу‚ Цо цунах кийсигаш хуьлуьйту. Хьуна го догIа схьадолуш цуьнан юккъехула. Цо иза кхиича Шен лех Шена луучаьрна - царна хазахета /догIа деъча/.

وَإِن كَانُوا۟ مِن قَبْلِ أَن يُنَزَّلَ عَلَيْهِم مِّن قَبْلِهِۦ لَمُبْلِسِينَ ﴿49﴾

Магомедов

Цул хьалха иза шайна тIе доссале уьш хиллехь а догдиллина.

فَٱنظُرْ إِلَىٰٓ ءَاثَٰرِ رَحْمَتِ ٱللَّهِ كَيْفَ يُحْىِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَآ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ لَمُحْىِ ٱلْمَوْتَىٰ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌۭ ﴿50﴾

Магомедов

Хьажал Делан къинхетаман тIаьхьенашка: муха дендо Цо латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, Иза белларш денбийриг ву. Иза массон хIумана тIехь ницIкъ кхочуш берг ву.

وَلَئِنْ أَرْسَلْنَا رِيحًۭا فَرَأَوْهُ مُصْفَرًّۭا لَّظَلُّوا۟ مِنۢ بَعْدِهِۦ يَكْفُرُونَ ﴿51﴾

Магомедов

Оха баийтинехьара мох‚ тIаккха царна иза /лаьттахь схьадолуш дерг/ мажделла гича‚ цул тIаьхьа а уьш лаьттара ма бара цатешаш.

فَإِنَّكَ لَا تُسْمِعُ ٱلْمَوْتَىٰ وَلَا تُسْمِعُ ٱلصُّمَّ ٱلدُّعَآءَ إِذَا وَلَّوْا۟ مُدْبِرِينَ ﴿52﴾

Магомедов

Баккъалла а, ахьа хозуьйтур дац беллачаьрга‚ ахьа хозуьйтур дац къорачаьрга кхайкхар уьш бухабевдича.

وَمَآ أَنتَ بِهَٰدِ ٱلْعُمْىِ عَن ضَلَٰلَتِهِمْ ۖ إِن تُسْمِعُ إِلَّا مَن يُؤْمِنُ بِـَٔايَٰتِنَا فَهُم مُّسْلِمُونَ ﴿53﴾

Магомедов

Хьо ма вац нисбийр болуш бIаьрсадоцурш шайн тиларах. Ахьа хозуьйтур ду беккъа Тхан аятех тешачаьрга шаьш /Далла/ мукIар а болуш.

۞ ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَكُم مِّن ضَعْفٍۢ ثُمَّ جَعَلَ مِنۢ بَعْدِ ضَعْفٍۢ قُوَّةًۭ ثُمَّ جَعَلَ مِنۢ بَعْدِ قُوَّةٍۢ ضَعْفًۭا وَشَيْبَةًۭ ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَآءُ ۖ وَهُوَ ٱلْعَلِيمُ ٱلْقَدِيرُ ﴿54﴾

Магомедов

Дела ву шу кхоьллина верг ледараллах‚ тIаккха Цо хилийтина ледараллал тIаьхьа ницIкъ‚ тIаккха хилийтина ницIкъал тIаьхьа ледаралла а‚ къоьжа чоьш а. Цо кхуллу Шена луург. Иза хууш верг а ву‚ ницIкъ кхочург а ву.

وَيَوْمَ تَقُومُ ٱلسَّاعَةُ يُقْسِمُ ٱلْمُجْرِمُونَ مَا لَبِثُوا۟ غَيْرَ سَاعَةٍۢ ۚ كَذَٰلِكَ كَانُوا۟ يُؤْفَكُونَ ﴿55﴾

Магомедов

Сахьт хIоьттиначу дийнахь дуйнаш буур бу къинош диначаьра шаьш сахьтехь а ца лаьттина бохуш /дуьненахь къинош деш/. Иштта Iехийна хилла-кх уьш!

وَقَالَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ وَٱلْإِيمَٰنَ لَقَدْ لَبِثْتُمْ فِى كِتَٰبِ ٱللَّهِ إِلَىٰ يَوْمِ ٱلْبَعْثِ ۖ فَهَٰذَا يَوْمُ ٱلْبَعْثِ وَلَٰكِنَّكُمْ كُنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ ﴿56﴾

Магомедов

Iилма а‚ иман а шайна деллачаьра элира: "Шу лаьттира Делан жайнан чохь дендаларан де даллалц. ХIара ду дендаларан де‚ делахь а шу ца хууш хили-кх".

فَيَوْمَئِذٍۢ لَّا يَنفَعُ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مَعْذِرَتُهُمْ وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ ﴿57﴾

Магомедов

Оцу дийнахь пайда бийр бац зулам диначаьрна шайн Iуьзарша‚ бехказа довлар а доьхур дац цаьрга.

وَلَقَدْ ضَرَبْنَا لِلنَّاسِ فِى هَٰذَا ٱلْقُرْءَانِ مِن كُلِّ مَثَلٍۢ ۚ وَلَئِن جِئْتَهُم بِـَٔايَةٍۢ لَّيَقُولَنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا مُبْطِلُونَ ﴿58﴾

Магомедов

Оха далийна нахана хIокху КъурIанан чохь массо мисал. Хьо цаьрга веъча цхьана аятаца‚ эр ма ду цатешачаьра: "Шу ма дац /бакъдерг/ дIатилинарш а бен".

كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ ٱللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِ ٱلَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ ﴿59﴾

Магомедов

Иштта мухIар туху Дала ца хуучаьрийн дегнашка.

فَٱصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ ٱللَّهِ حَقٌّۭ ۖ وَلَا يَسْتَخِفَّنَّكَ ٱلَّذِينَ لَا يُوقِنُونَ ﴿60﴾

Магомедов

Ахьа собар де! Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю хьуна. Хьо атта ма хетийла цатешначаьрна /собарах ма валалахь/.

Quran recitationReady
Open audio