Магомедов
Хьа-мим.
Compare up to three translations verse by verse.
Хьа-мим.
Билгалчу жайнаца /дуй боу Аса/.
Оха хилийтина цунах Iарбийн КъурIан - шу хьекъале хир дацара-те?
Баккъалла а, иза /КъурIан/ жайнан нена чохь ду Тхан гергахь‚ лекханиг а ду‚ хьукаме дерг а ду /ша/.
Ткъа Оха шух ца тухуш буьтур бу хьехам шу тIаламза къам хили аьлла?
Мел пайхамар вахийтина Оха хьалхалерачашкахь!
Цхьа а пайхамар ца веъна цаьрга цара иза сийсаза веш бен.
Оха хIаллакбина царех /хьан къамал/ ницIкъаца чIогIа берш - дIадахана хьалхалерчийн масал.
Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цара аланне а эр ду хьуна: "Уьш кхоьллина Ша везза волчо‚ Ша хууш волчо /Дала/!"
Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь /лаьттахь/ некъаш - шу нийсачу новкъахь хир дацара-те.
Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доссадеш стиглара хи барамехь - Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/.
Ишттаниг а ву Иза Ша массо хIума шиш-шиш кхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тIеховжа хIуманаш
Шу дIанисдалийтан церан баккъаш тIехь‚ тIаккха аша хьехадан шайн Кхиош-кхобучун ниIмат шаьш царна тIехь дIанисделча‚ аша алан: "Вонах цIена ву И ша тхуна хIара муьтIахь йинарг‚ тхуна цу тIехь ницIкъ кхочур ма бацара.
Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзуш ма ду тхо".
Цара ма хилийти Цуна Цуьнан лех цхьа дакъа. Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх.
Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца?
Царех цхьаннена кхаъ беккхича шаьш Къинхетам болчун масал далийначуьнца - Iаржалой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /и шена йоI хилар ца дезаш/.
Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)?
Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара-те уьш /маликаш/ кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга хоттур ма ду.
Цара элира: "Къинхетам болчун лиънехьара‚ оха царна /маликашна/ Iибадат дина хир дацара". Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харц луьйш бен.
Я Оха жайна делла-те цаьрга цул /КъурIанал/ хьалха уьш цуьнца чIагIбелла болуш?
ХIаъ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лартIахь дIанисделла ду".
Иштта ца вахийтира Оха хьоьл хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучаьра олуш бен: "Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лар тIехь доьдуш ду".
Цо /Мухьаммад пайхамара/ элира: "Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь карийначул мелхо нийсачуьнца‚ /тIаккха харц во аша со/?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо шу /элчанаш/ шеца даийтинчун керста ду-кх".
Оха чIир ийцира цьаргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначерийн тIаьхье!
ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къаме а: "Баккъалла а, со цIена ву аша шена Iибадат дечух.
Со кхоьллинчунна бен /дийр дац аса Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву".
Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош - уьш бухаберза там бара-кх.
ХIаъ‚ Аса бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валц.
Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: "ХIара бозбуанчалла ду‚ баккъалла а, тхо цуна керста ду".
Цара элира: "ХIара КъурIан доссинехьара шинне юьртара сийлахь-веззачу стаге".
Ткъа уьш бу хьан Кхиош-кхобучун къинхетам буьйкъуш берш? Оха бийкъина царна юкъахь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царех цхьаберш вовшийн тIехь даржашца лакха бехина‚ царех цхьаболчаьрга шайна вакхарга гIуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-кхобучун къинхетам дика бу цара гулдешдолчул.
Нах /берриге/ цхьа уммат ца хилахьара Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчунах цатешаш болчаьрна церан цIеношна датон тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIебовлуш болу.
Церан цIеношна неIарш а‚ маьнганаш а /датох хуьлуьйтура бара Оха/ уьш шайна тIетовжуш болу.
/Кхин/ хазаллаш /дашо/ а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а - дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-кхобучун гергахь /Делах/ кхоьручаьрна ю.
Къинхетам берг хьехьорах гIапал хилларг - Оха тIекхуссу цуна шайтIа и цуна ца къесташ накъост а хуьлий.
Баккъалла а, цара /шайтIанаша/ дIатилабо уьш /шайн накъостий - адамаш нийсачу Делан/ некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.
Ша тхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр: "Декъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна шайтIанах/".
Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьана хир ду.
Ткъа ахьа хозуьйту къораволчунна‚ нийсачу новкъа вуьллу бIаьрсадоцург‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг?
Оха хьо дIакхалхийчи а - баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю.
Я Оха гайтанне а гойтур ма ду Оха царна ваIда йинарг - баккъала а Тхо царна тIехь ницIкъ кхочуш ма ду.
Ахьа схьалаца хьайга вехьеца делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву.
Баккъалла а, иза /КъурIан/ хьехам бу хьуна а‚ хьан къаме а‚ тIаьхьа хоттур ду шуга.
Ахьа хаттал Оха хьоьл хьалха элчанех баийтинчаьрга: "Оха хилийтиний-те Къинхетам беш верг воцург /кхин/ делий цара шайна Iибадат деш?"
Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо злира: "Баккъалла со Iаламийн Ден элча ву".
Иза /Муса/ шайга веъча Тхан аяташца‚ уьш царех /аятех/ бийлира.
Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул мелхо доккха долуш бен. Оха схьалецира уьш Iазапаца - уьш бухабоьрзур бацара-те /шайн тиларх/.
Цара элира: "ХIай бозбуанча! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучунга хьан гергахь Цуьнан ваIда хилларг - баккъалла а, тхо нислур ма ду /оха иман дуьллур ма ду и Iазап дIадаьккхича/.
Оха ай ма диннехь шайна тIера Iазап - цара барт бохийра.
Кхийкхира ФирIавнас шен къаман юккъехь‚ элира: "Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хIара хиш суна /сан гIалин/ бухахула лелаш долу? Шуна ца го /сан сийлалла/?
Я со дика вац хIокхал‚ ша заIип волчу‚ талкхо /мотт тийсалуш/ волчу?
Кхуьссинехьара цунна тIе дашон чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьана маликаш /цунах/ хуттаделла".
/Дукха/ дайа карийра цуна шен къам - уьш цуна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песакъ нах.
Цара Тхо оьгIаздаьхча - Оха цаьргара чIир ийцира - хина буха бахийтира уьш берриге а.
Уьш хилийтира Оха хьалхабахна‚ масал хилла тIаьхьабогIучаьрна.
Марьяман кIантах масал далийча хьан къам цунах (масалх) дийлира /хазахетта/.
Цара элира: "Тхан делий дика бу я иза ву?" И /масал/ ца далийра цара къийсамна бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду.
Иза-м веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цуна‚ Оха хилийтина цунах масал Исраилан кIенташна.
Тхуна лууш далхьара шун метта маликаш хуьлуьйтура дара Оха лаьттахь‚ /шу хIаллакдина/ тIаьхьа дуьсуш.
Баккъалла а, иза /Iиса пайхамар/ сахьтан /къемат ден/ Iаламат ду‚ ахьа янне а шеко ма елахь цуьнгахь‚ Суна тIаьхьавазалахь. ХIара бу /хьуна/ нийса некъ.
Данне а шайтIано юьстах ма дохийла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала млстагI ма ду.
Iиса веъча билгалонашца цо элира: "Со веъна шуьга хьекъаллица /хьекъал дахьаш/‚ шуна шайца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а хилалаш.
Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цуна Iибадат делаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ".
Хилпало хилира тобанийн царна юккъехь. Ма /боккха/ бала бу зулам диначаьрна лазаме долчу дийнан Iазапах.
Уьш хьожий-те шайга цIеххьана сахьт даре бен и шайна хаа ца леш?
ДоттагIий оцу /къемат/ дийнахь вовшийн мостагIий хир бу /Делах/ кхоьруш боцурш.
ХIай Сан лай! Кхерам бац шуна тахана‚ шу гIайгIане хир дац.
Тхан аятех иман диллина хилла берш‚ бусулба хилла берш.
ЧугIо ялсамане шу а‚ шун зударий /чIогIа/ даккхидедаш а хилла.
Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашон хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргашна Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду.
Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аша йина хилла Iамалш бахьанехь.
Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аша царех буур а бу.
Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу.
И царех айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу.
Оха зулам ца дина царна‚ делахь а уьш хилира /шайна/ шаьш зуламхой.
Цара кхойкхура: "ХIай /жоьжахати/ долахь ерг! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-кхобучо" Цо элира: "Шу лаьттар ду /ца луш/".
Тхо деънера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а шух дукхох болчаьрна бакъдерг ца дийзира.
Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара /Маккин керстанаша элчанна дуьхьал/? Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш /Оха хIаллакбийр бу уьш/.
Я царна метта-те Тхуна ца хозу церан къайле а‚ шабар-шибар а. ХIаъ‚ Тхан элчанаш /маликаш/ цаьргахь яздеш лаьтташ бу.
Ахьа ала: "Къинхетам болчунна доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх Iибадат дечарех".
Вонах цIена ву стигланийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаьршан Да‚ цара дечу /харц/ сипатах.
Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/ денца цхьаьнакхетталц.
Иза ву стиглахь а Дела‚ лаьттахь а Дела‚ Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву.
Декъала ву Шена стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цуьнан тIе дIадерзор ду шу а.
Цара Иза воцуш шайга кхойкхучаьрийн долахь дац шапаIат а‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь бен /и шаьш деш долу тешалла/ шайна хууш.
Ахьа цьарга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Муха Iехабина уьш /шайтIанаша/!
Цуьнга /Мухьаммад пайхамара Деле/ элира: "Везан Дела‚ хIара къам иман дуьллуш ма дац".
ДIаверза царех (уьш хьйца санна во ма хила цаьрца)‚ ала: "Машар!" ТIаьхьа хуур ду царна.