بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْمُدَّثِّرُ
ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг!
The Cloaked One · 56 verses · Chechen by Magomedov.
This page pairs the Arabic Quran with the attributed Chechen translation of its meanings. Compare the wording with another published edition, or jump directly to an ayah.
Use the verse-number field below to open any other verse.
Search the locally cached translation.
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ يَٰٓأَيُّهَا ٱلْمُدَّثِّرُ
ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг!
قُمْ فَأَنذِرْ
ХьалагIатта‚ кхерам таса!
وَرَبَّكَ فَكَبِّرْ
Хьуо Кхиош-кхобушверг воккхаве!
وَثِيَابَكَ فَطَهِّرْ
Хьан бедар цIанъе!
وَٱلرُّجْزَ فَٱهْجُرْ
Нажас хIуманах вада!
وَلَا تَمْنُن تَسْتَكْثِرُ
Ма ло хIума хьайна /цунах/ алсам тIекхиар лоьхуш.
وَلِرَبِّكَ فَٱصْبِرْ
Хьо Кхиош-кхобуш волчун /гIуллакхна/ собаре хила.
فَإِذَا نُقِرَ فِى ٱلنَّاقُورِ
Сур лекхначу хенахь /шолгIа локху сур/ -
فَذَٰلِكَ يَوْمَئِذٍۢ يَوْمٌ عَسِيرٌ
Иза оцу дийнахь хала де ду.
عَلَى ٱلْكَٰفِرِينَ غَيْرُ يَسِيرٍۢ
/Делах/ тешаш боцучаьрна атта доцуш.
ذَرْنِى وَمَنْ خَلَقْتُ وَحِيدًۭا
Вита со а и Аса кхоьллинарг а тхаьш.
وَجَعَلْتُ لَهُۥ مَالًۭا مَّمْدُودًۭا
Аса хилийтира цуна шортта даьхний‚
وَبَنِينَ شُهُودًۭا
КIентий цуна агIор лаьтташ.
وَمَهَّدتُّ لَهُۥ تَمْهِيدًۭا
Аса аьтту бира цуна аьттубарах а.
ثُمَّ يَطْمَعُ أَنْ أَزِيدَ
ТIаккха а леара цуна Аса совдаккха /шен хьал/.
كَلَّآ ۖ إِنَّهُۥ كَانَ لِءَايَٰتِنَا عَنِيدًۭا
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал.
سَأُرْهِقُهُۥ صَعُودًا
Аса тIеюьллур ю цуна ирхо /Iазапан мохь/.
إِنَّهُۥ فَكَّرَ وَقَدَّرَ
Баккъалла а, цо ойла йира‚ хьесап а дира.
فَقُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ
ХIаллак хила иза! Муха дина цо хьесап?
ثُمَّ قُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ
ТIаккха а хIаллакьхили иза. Муха дина цо хьесап?
ثُمَّ نَظَرَ
ТIаккха иза хьежира.
ثُمَّ عَبَسَ وَبَسَرَ
ТIаккха юьхь хабийра‚ вусавелира.
ثُمَّ أَدْبَرَ وَٱسْتَكْبَرَ
ТIаккха иза вухваьлира /КъурIанах/‚ куравелира.
فَقَالَ إِنْ هَٰذَآ إِلَّا سِحْرٌۭ يُؤْثَرُ
Цо элира: "ХIара деккъа бозбуанчалла ду /хьалха дуьйна/ схьадогIуш долу.
إِنْ هَٰذَآ إِلَّا قَوْلُ ٱلْبَشَرِ
ХIара деккъа адаман дош ду".
سَأُصْلِيهِ سَقَرَ
Аса вагор ву иза сакъаран /жоьжахати/ чохь.
وَمَآ أَدْرَىٰكَ مَا سَقَرُ
Хьан хаийтина хьуна‚ хIун ю и сакъар?
لَا تُبْقِى وَلَا تَذَرُ
Буха а ца вуьту цо‚ дIа а ца тосу,
لَوَّاحَةٌۭ لِّلْبَشَرِ
Гучуйолу и адамна /геннара цуьнан юьхь Iаржаеш/.
عَلَيْهَا تِسْعَةَ عَشَرَ
Цунна тIехIоьттина ткъеяссина /малик/ ду.
وَمَا جَعَلْنَآ أَصْحَٰبَ ٱلنَّارِ إِلَّا مَلَٰٓئِكَةًۭ ۙ وَمَا جَعَلْنَا عِدَّتَهُمْ إِلَّا فِتْنَةًۭ لِّلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِيَسْتَيْقِنَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ وَيَزْدَادَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِيمَٰنًۭا ۙ وَلَا يَرْتَابَ ٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ وَٱلْمُؤْمِنُونَ ۙ وَلِيَقُولَ ٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ وَٱلْكَٰفِرُونَ مَاذَآ أَرَادَ ٱللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًۭا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ ٱللَّهُ مَن يَشَآءُ وَيَهْدِى مَن يَشَآءُ ۚ وَمَا يَعْلَمُ جُنُودَ رَبِّكَ إِلَّا هُوَ ۚ وَمَا هِىَ إِلَّا ذِكْرَىٰ لِلْبَشَرِ
Жоьжахатина тIехIоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачаьрна питнина бен а‚ жайнан охIлана и бакъдий хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш иманца сов бахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнан охIлане а‚ муъма нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолучаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: "ХIун лиъна-техьа Далла хIокхунца‚ масал далийна?" Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьо Кхиош-кхобушволчун эскар хуур дац Цуна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна.
كَلَّا وَٱلْقَمَرِ
ХIан-хIа! Баттаца дуй боу Аса!
وَٱلَّيْلِ إِذْ أَدْبَرَ
Буьйсанца дуй боу и тIаьхьаяханчу хенахь.
وَٱلصُّبْحِ إِذَآ أَسْفَرَ
Сатасарца дуй боу и гучудаьллачу хенахь.
إِنَّهَا لَإِحْدَى ٱلْكُبَرِ
Баккъалла а, иза /сакъар олу жоьжахати/ уггар яккхичарех цхьаъ ю!
نَذِيرًۭا لِّلْبَشَرِ
Кхерамча адамашна /ю иза/.
لِمَن شَآءَ مِنكُمْ أَن يَتَقَدَّمَ أَوْ يَتَأَخَّرَ
Шух шен луучунна /диканна/ хьалхаваха а‚ /вочунна/ тIаьхьависа а.
كُلُّ نَفْسٍۭ بِمَا كَسَبَتْ رَهِينَةٌ
Массо са ша тардинчуьнца закъалт хилла ду
إِلَّآ أَصْحَٰبَ ٱلْيَمِينِ
Аьтту куьйган дай боцурш.
فِى جَنَّٰتٍۢ يَتَسَآءَلُونَ
Уьш /бошмашкахь/ вовшашка хоьттуш хир бу
عَنِ ٱلْمُجْرِمِينَ
Къинош диначарех:
مَا سَلَكَكُمْ فِى سَقَرَ
"Хьан дигина шу сакъара чу?"
قَالُوا۟ لَمْ نَكُ مِنَ ٱلْمُصَلِّينَ
Цара элира: "Тхо ца хилира ламазаш дечарех
وَلَمْ نَكُ نُطْعِمُ ٱلْمِسْكِينَ
Тхо ца хилира мискачаьрна хIума даош.
وَكُنَّا نَخُوضُ مَعَ ٱلْخَآئِضِينَ
Деса хабарш дуьйцучаьрца /деса/ хабар дуьйцуш хилира тхо‚
وَكُنَّا نُكَذِّبُ بِيَوْمِ ٱلدِّينِ
Бекхаман де харц деш хилира тхо
حَتَّىٰٓ أَتَىٰنَا ٱلْيَقِينُ
Тхайга бакъдерг далц".
فَمَا تَنفَعُهُمْ شَفَٰعَةُ ٱلشَّٰفِعِينَ
Пайда бийр бац царна шапаIат дечаьрийн шапаIато.
فَمَا لَهُمْ عَنِ ٱلتَّذْكِرَةِ مُعْرِضِينَ
ХIун ду царна уьш хьехамах дIаберза?
كَأَنَّهُمْ حُمُرٌۭ مُّسْتَنفِرَةٌۭ
Шаьш акхаелла вираш санна‚
فَرَّتْ مِن قَسْوَرَةٍۭ
/Кхераелла/ йовдаш ломах?
بَلْ يُرِيدُ كُلُّ ٱمْرِئٍۢ مِّنْهُمْ أَن يُؤْتَىٰ صُحُفًۭا مُّنَشَّرَةًۭ
ХIаъ царех массо ву лууш шега лойла схьадиллина жайнаш.
كَلَّا ۖ بَل لَّا يَخَافُونَ ٱلْءَاخِرَةَ
ХIан-хIа‚ уьш ца кхоьру эхартах.
كَلَّآ إِنَّهُۥ تَذْكِرَةٌۭ
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза /КъурIан/ хьехам бу.
فَمَن شَآءَ ذَكَرَهُۥ
Шена луучо хьахош бу.
وَمَا يَذْكُرُونَ إِلَّآ أَن يَشَآءَ ٱللَّهُ ۚ هُوَ أَهْلُ ٱلتَّقْوَىٰ وَأَهْلُ ٱلْمَغْفِرَةِ
Далла лаахь бен цара хьахор-м бац. Иза ву /Шех/ кхеран охIла‚ Иза ву /Ша/ гечдаран охIла.
Explore the same chapter in an existing published translation of another language. Each edition has its own source and wording.